25-г1а апрель – Нохчийн меттан Де!

Нохчийн къоман мотт ларбарна а, кхиорна а т1едоьг1на Нохчийн Республикин куьйгалхочун омрица нийса а, 25-чу апрелехь лаккхарчу т1ег1анехь д1ахьо даздарна а, и билгалдаккхарна а мероприятеш.
Шелковски к1оштара бахархой декъал а беш, лаьара Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени дагаяийта.

Айдамиров Абузар
НЕНАН МОТТ

Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзунийн баннашна уллохь
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли.
Декара, дог хьоьстуш довха,
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
ДIатуьйра набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш
Декара, дог Iийжош, доруш.
Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам
Вайн дайша къийсамехь гайтар.
Ненан мотт, хьуна тIе тийжаш,
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла гIиттош,
Ловш Iийна уьш буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.

А. Анасов